ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра школашна дронаш эца 40 млн сов соьмана харж йийр йу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Махкара 17 школана лерринчу секцишна бархI дрон эцна Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министралло. Оцу Iалашонашна республикин бюджетера 43,7 миллион сом хьажийнера аьлла ду пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь хIоттийначу тендара тIехь. 15 миллион мах болу говза, йуьртбахаман дрон а, 1,4 миллион доьху мультироторан кепера пилото лелош йоцу авиацин система а, 5,3 а, 12, 7 а миллион мах болу кеманан тайпа дронаш а, иштта хIораннах а 2, 1 миллион мехах мониторинган а, тепловизоран съемка йен йиъ видеокоптер а эца декхаре ву гIирс кхоьхьург.

17 школашна йукъахь бархI техника муха дIасайоькъур йу билгал даьккхина дац конкурсан документаци тIехь – йоллу дронаш контракт йинчул тIаьхьа итт де даьлча Нохчийчуьра дешар кхиоран Институте дIакхачон йезаш йу. Оьцучу йукъахь дакъалоцуш цхьа конкурсант хилла, цуьнах лаьцна хаамаш къевлина бу.

  • Оьрсийчоьнан дешаран министралло стохка марсхьокху-баттахь керла программа тIечIагIйира колледжашна, дронаш лелон операторан говзалла цунна йукъа а тухуш. Дешаран керла шо долалуш ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Ставрополь-мехкан а дешаран хьукматаша ийцирам шайна БПЛА-н операторш Iамо масех комплекс.
  • ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалхоша 1,3 миллион сом дойъур ду дронаш лелон 20 оператор Iамош, къастийра Кавказ.Реалии сайтана республикера "Кегийрхойн дуккха а функцеш кхочушйечу центран" документаци тIера.
  • Чоьхьрачу гIуллакхийн министралло а ООО "Лукойл-Экоэнергос" а 125 миллион сом дайъина Къилбаседа Кавказехь дронашна дуьхьал къийсам латтош – цунах лаьцна дийцира 2024-чу шеран йуьххьехь. Украинана шуьйрачу тIамаца тIелатар динчул тIаьхьа царех жигара пайдаоьцу тIамтIехь а, тылехь а – 2023-чу шарахь дронаша масийттаза тIелатарш дира Краснодаран а, Волгоградан а, Ростовн а кIошташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG